ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

«ЦIе цIанъеш» бIеннаш зударий байъина Пакистанехь даханчу шарахь


И аьлла тахана дIахьедар дина Пакистанерчу адамийн бакъонаш ларъяран Йозуш Йоцчу Комиссино. Йийначу 919 зудчух 99 кхиазхо яра. 600 зуда «божаршца эвхьаза лелаш» хиларна йийна ю. 200 зуда, дега-нене ца хоттуш, шайн лаамехь маре яхарна елла.

Оцу комиссин рапорто чIагIдарехь, бусулба нахана юкъахь байъина ца Iа зударий. И тайпаниг керста нахана а, индуисташна юкъахь а хилла боху рапортан авторша. Дукхах хьолахь, зударий байъинарш церан гергара нах бу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG