Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацехь адамийн бакъонийн урхаллин куьйгалхо йолчу Пиллай Нэвис Цхьаьнатоьхначу Штаташка кхайкхам бина, террор лелорна шеко йолуш тутмакхаш латтош йолу Гуантанамера набахте дIакъовла, аьлла.
Билгалъяьккхина хан йоцуш, стаг лаьцна латтор, дуьненаюкъарчу адамийн бакъонашна дуьхьал ду аьлла ду, Пиллайн дIахьедарехь.
Дукхах берш, цо ма-аллара, Iамеркан тIеман базехь «бахкалуш болу» итт шо сов хан ю.
Гуантанамера тутмакхаша мацалла кхайкхор, «дан хIума ца хиларна» дина ду аьлла, Пиллайс. Вошингтоно дIакъовлур ю баьхна набахте хIинца болх беш хиларо шен «дог даьккхина» элира цо.