ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пхеньяно майра дIахьедарш дахь а, Корейн ах-гIайренна тIехь тIом хиларх шек ю Iамерка


КIайчу ЦIийнан зорбан-секретаро Карни Джейс дIахьедар дина, Iамерка цецъер яц Къилбаседа Корейно ракета кхоссахь. Иза хьалха а хилла хIума ду.

Iамеркан тIеман векалша бахарехь, Къилбаседа Корейно туьйсу кхерамаш, Пхьеньянан амалехь хIума ду. Оццу хенахь цара билгалдоккху, хIинцалера хьал хало ду, керлачу Къилбаседа Корейн лидерх хууш кIезиг хIума долун дера.

Деношкахь Пхьеньяно кхайкхам бинера арахьарчу векалаллашка, хьал дуьйлина хиларе терра, шайн векалаллаш махкал араяха кийча хила, аьлла.
Даханчу кIирнахь Пхеньяно дIахьедар динера ша Къилба Корейца «тIеман хьолехь» ю аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG