Европерчу кхерамзаллин а, юкъарлонийн а организацино (ОБСЕ) Оьрсийчоь кхойкху хаамийн гΙирсийн маршо цахьешаре а, Ιедалх йоцчу организацешкахь бен талламаш совцоре а.
«Йозуш йоцчу организацеша гΙо до журналисташна а, ерриг а медиа-майданна а, информацин а, ойланан а маршонашна. Ишттачу хьукматашна кхерамаш тийсаро вон тΙеΙаткъам бо хаамийн гΙирсашна, элира прессан маршонехула йолчу организацин векала Миятович Дуньяс.