ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пхеньянна дуьхьал цхьаьнакхетта цу регионера Iамеркан бертахой


Къилбаседа Корейно туьйсучу кхерамашна дуьхьал йовлар Iалашонца цхьаьнакхетта Iамерка а, цуьнан Малхбалерчу Азера бертахой а. Цунах лаьцна Токиохь индустрин университетехь вист хуьлуш дIахьедар дира Iамеркан Пачхьалкхан секретаро Керри Джона.

Цо кхайкхам бина Къилбаседа Корейга, дуьненаюкъараллана хьалха тIелаьцнарг кхочуш дан кийча хилар гойтуш гIулчаш яха аьлла.

Оршотан дийнахь Къилбаседа Корейхь даздеш дара цу пачхьалкхан куьйгалхо хилла волу Ким Ир Сен вина де. Кху тIаьхьарчу масех кIиранах Пхеньяна кхерамаш тийсира Къилба Корейна а, Японина а, Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташна а, Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин Кхерамазаллин Кхеташоно шена дуьхьал санкциш чIагIйина аьлла. Пхеньянна дуьхьал керла санкциш кхайкхоран бахьана дара, стохка цо космосе спутник а яхийтина, кху шеран Чиллан-беттан 12-чу дийнахь зарратан герз зер.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG