ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Обама а, Путин а цхьаьнакхетар ву Къилбаседа Ирландехь


Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Шататийн президент Обама Барак а, Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир а цхьаьнакхета дагахь ву Къилбаседа Ирландехь Мангал-баттахь хир йолчу G-8 саммитехь. Цуьнах лаьцна хаам бина журналисташка Оьрсийчоьнан президентан гIоьнчо Ушаков Юрийс.

Цо дийцарехь, Обама а, Путин а юьззинчу кепехь дагадовларш дIадахьа дагахь ву Гезгмашин-баттахь Петарбухехь хир йолчу кху дуьнентIехь уггара кхиина экономика йолчу 20 пачхьалкхийн саммитехь. И тема йийцаре йира Кремлехь Путинца цхьаьнакхеттачу Iамеркан президентан къоман кхерамазаллехула гIоьнча волчу Донилон Томаса.

Хаамийн гIирсаш дийцарехь, Донилона Обамера хабар дIатоьхна Путине. Оьрсийчоьнан Iедалша дикачу агIора тидина шайга кхаьчна долу кост.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG