ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ислам сийсаздарна хан кхайкхийна туркойн пондарчина


Истанбулерчу суьдо 10 бутт арахь яккха хан кхайкхийна Тукройн-махкахь вевзаш волчу пондарчина Сай Фазылана. Иза бехке вина Твиттерехь, цхьацца хIуманаш а яздина, ислам дин сийзас дарна. Зорбан гIирсаш дийцарехь, 43 шо долу пианист кхел дIайоьдуш суьдхошна хьалха вацара.

Сай Фазыла тIе ца дуьту шена дохку бехкаш. И стаг вевзаш ву махкахь Iедалехь йолчу Нийсонан а, кхиаран а партин критик санна. Цундела шена таIзар дайтинарг и парти ю аьлла хета цунна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG