ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мушаррафана харжамашкахь дакъалацар дихкина Пакистанерчу кхело


Стигалкъекъа-баттахь хир болчу президентан харжамашкахь дакъалацар дихкина Пакистанерчу провинцин кхело цу мехкан президент хиллачу Мушарраф Первезана. Шинарин дийнахь Пешеварерчу лерринчу кхело сацам бина Хайбер провинцерчу Читрал харжаман гонан цIарах кандидат хила цуьнан бакъо яц аьлла.

Мушаррафан адвокато дIахьедар дина, шаьш цу сацамна Пакистанан Лаккхарчу Кхеле латкъам бийра бу аьлла.

Хьалхо Мушаррафан кандидатурана регистраци ян реза ца хилира Исламабадера а, Карачи-гIалара а, Касурера а харжамийн комиссеш. Цуьнан бахьана ду Мушаррафана дуьхьал схьадиллина масийтта бехк-такхаман гIуллакх хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG