ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мушарраф дIалаца сацам бина Пакистанан кхело


Пакистанан хилла волу президент инарла Мушарраф Первез латкъам бан дагахь ву мехкан Лаккхарчу кхеле, ша дIалаца бина сацам юхабаккхар доьхуш. Еарин дийнахь Пакистанан Лаккхарчу кхело сацам бира 69 шо долу Мушарраф, схьа а лаьцна, набахте хьажо веза аьлла.

Карарчу хенахь иза ву дикка лардеш долчу Исламабадан йистехь долчу шен цIахь. Пакистанан суьдхоша цунна бехке дуьллуш ду махкахь тIеман урхалла долчу хенахь, 2007-чу шарахь, лаккхара даржашкахь болу суьдхой балхара дIабахар.

Пакистанан президент хилла волу Мушарраф Первез цIавирзина, шен лаамехь 4 шо махках а ваьлла даьккхинчул тIаьхьа. Цо дIахьедар дина ша дакъалаца лууш хиларх лаьцна Стигалкъекъа-беттан 11-чу дийнахь хир болчу президентан харжамашкахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG