ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Царнаевга бехк кховдо кечлуш бу прокурораш


Бостонехь дарбанан хIусамехь волчу Царнаев Джоахре бекх кховдо кечлуш бу прокурораш. Шоьтан дийнахь сатоссуш Бостонерчу полицино дIахьедар дира, цу гIалахь марафонехь эккхийтар дина аьлла шаьш лоьхуш хилла 19 шо долу Царнаев лаьцна шаьш аьлла.

Хаамийн гIирсаш дийцарехь, иза лечкIина хилла Уотертаун-гIалахь цхьана хIусаман кертахь долчу жимчу хинкеман чохь. ХIусамдас полице хаам бина хилла, цигахь шена цIий гина аьлла.

Хилларг бахьана долуш дуккха а хаттарш дуьсуш ду аьлла дIахьедар дина Обама Барака. Бостонехь тIелатар дира Оршотан дийнахь, цигахь марафон дIахьош йолуш. 3 стаг а вуьш, 170 стаг лаза а веш эккхийтинарг яра куьйга йина ши бомба.

И тайпа терроран акт хилла яцара Iамеркехь 2001-чу шарахь Гезгмашин-беттан 11-чу дийнахь терроран тIелатар динчхьана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG