ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Адамийн бакъонаш ларъярехула рапорт кечдина Iамеркан Пачхьалкхан департаменто


2012-чу шарахь кху дуьнентIерчупачхьалкхашкахь адамийн бакъонаш ларъярх лаьцна рапорт арахецна Iамеркан Пачхьалкхан департаменто.

Вашингтонехь ПIераскан дийнахь и документ довзийтира журнасташна Iамеркан пачхьалкхан секретаро Керри Джона. Цу тIехь коьрта тидам тIебахийтина бу дешан маьршо йохош хиларна а, махкахойн юкъараллана тIеIаткъам барна а, демократин реформаш ярна а.

Цу рапорт тIехь махкахошкара бакъонаш дIаяхарна критика еш ю ГIажарийчоьнна а, Китайна а, цхьамогIа кхечу пачхьалкхашна а. Ткъа Оьрсийчоьнна еш йолу критика хьакхалуш ю Iедалех йоьзна йоцучу тобанашна Iаткъам барца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG