ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Европера пачхьалкхаш юхахьовсуш ю Нохчашка


Цхьанатоьхна Штаташ -- Царнаев Джовхарца лаьтташ бу казахийн студенташ. В Контакте сайта тIехь йолчу Кадырбаев Диасан агIонна тIера сурт.
Цхьанатоьхна Штаташ -- Царнаев Джовхарца лаьтташ бу казахийн студенташ. В Контакте сайта тIехь йолчу Кадырбаев Диасан агIонна тIера сурт.

Бостонерчу марафонехь хилла эккхийтарш а, цул тIаьхьа цу бохамна гуонахьа баьржина болу хиламаш а бахьана долуш нехан маршонаш кхин дIа а ехка там бу Малхбузенан пачхьалкхашкахь. Европехь тоххарехь хезаш ду, нахана терго еш йолу видеокамераш массо а урамашкахь охка еза боху кхайкхамаш. Цу хьелашкахь гуттар а кхерамехь а,дала орца доцуш а хета шаьш Малхбузехь бехачу вайнахана.

„Цициган ловзар – дехкан балар!“ - боху нохчийн кица дагадоуьйту, Бостонехь кхо стаг вала а леш, 170 сов лаза а веш экхийтарш дарна бехке хила мега аьлла, Iедалхоша а, къайлахсервисхоша а масех дийнахь талла а теллина, цхьаъ нохчийн жима стаг вен а вуьйш, цуьнан жимах волу ваша лаца а лоцуш, бохаме хиламаш хиллачул тIаьхьа Европерачу Iедалхоша шайн мехкашкахь нехан маршонаш кхин а алсамох ехкарна хьажийна йолу гIулчаш яха гIертар.

Иштта, масала, Бостонехь хилларг теллина а далале немцойн чоьхьарчу гIуллакхийн министр волчу Фридрих Ханс-Петера дIахьедар дина, урамашкахь кхин а алсамох видеокамераш охка еза, воьду-вогIучун хIораннан а хIора гIулч, оьшуш метиг хилахь, тергонехь латтон аьтто хир болуш, аьлла. Кхеташ ма-хиллара, министро иштта мукIарло дира, ша цу хьашташна гергарчу хенахь пачхьалкхан бюджетера кхин а алсамох ахча хьажадайта къахоьгур долуш ву, аьлла.

И ши хIума - къайлахчу сервисийн а, полисхойн Iедал чIагIдарий, церан таронаш алсамъяхарий хила мегаш бу Бостонехь хиллачу бохамах тайп-тайпанчу пачхьалкххийн Iедалша шайна бен олу пай да. Ткъа оццу пачхьалкхенийн бахархошна цу эккхийтарех зуламий, бохамий, коьрта маршонаш кхин дIа а хедорий дуьсу. Цу хьелашкахь потенциалан закъалташ бу дуьне мел ду баьржина болу нохчий, шайн къоман яьржина йолу шеконе цIей, шаьш лелош долу бусулба диний бахьана долуш.

Белгехь вехаш волчу нохчийн аналист а, политикан Iилманча а волчу Хамзаев Лом-Iелина хетарехь, Бостонехь хилларг кхочушдинарг милла а велахь а, цу бохамехь муьлхачу а цхьана пачхьалкхан къайлахчу сервисийн лараш йоцуш хуьлийла дац. Замано бакъдерг хьалха я тIаьхьа серлоне доккхур ду, амма хIинцале а ала йиш ю, и бохам цхьа могIа мокха а, къайлене а агIонаш шеца болуш хилар, боху цуо.

Хамзаев Лом-Iела: „Дуьххьара иштта меттигашкахь къайлахсервисхошна бехке ван оьшуш волу стаг - иза хьалхехь дуьйна цхьана хIуманца я цIе а кхоьллина, я цхьа бехке хIума цуьнца карийна хила везаш ву. Ткъа цу шина кIентан, олуш ма-хиллара, „бекграунд“, церан биографи йийцича, и шиъ бусулба а ву, нохчо а ву. И ши хIума тоьуш ду, нах уьш бехкехиларх тешийта, хIунда аьлча, дукхохболчу наха кхин башха кIорге ойланаш а ца йо ишттачу хIуманийн.

Царна хууш ду, Оьрсийчоьнца вайн проблемаш хиллийла а, вай цаьрца къийсам латтош буйла а, ткъа цу къийсамехь нохчий бу бохучу цхьаццаболчу наха официала декъехь - шаьш динехь а, ца динехь а- и кепара лелхийтарш дина шаьш бохуш, шайна тIеийдина хилар а. Иштта и бахьана долуш вайна тIехь йисина цIе ю иза. Цкъа делахь, вайн вешан бехк а бу иза, цхьана агIор, и вайн цIе иштта яккхийтар. ШозлагIа делахь, цара иза дина я ца дина бохург, схьагарехь, цигарчу Iедална башха коьрта а дац.

Цара иштта дIа кхуллуш цхьа цIе ю-кх иза, цара-м ца боху ур-аталла и шиъ бехке вуъ цкъачунна. Цундела вай вешан къоман Iедал а хилла, цхьа пачхьалкхе а хилла, къоман дай а хилла, цара вайн къоман политикехь а, дуьненчохь а хила дезаш долу сибат а кхоьллина, цхьа болх дIаболабаллалца, вайна муьлхачунна а кхерам бу-кх“.

Маршо радио: Цкъачунна билгал къаьстина дац, ЦарнаевгIар Тамерланий, Джовхарий Бостонерчу эккхийтарш дарна бехке ву я вац. Уьш, Iамеркерачу Iедало дечу мукIарлонца, хIинца а шеконехь бен бац, цу зуламна декъа хиларна. Я демократин пачхьалкхийн коьрта принципехь цхьаъ ерг – стеган бехк кхелехула тIечIагIбина баллалца иза зуламхо лара йиш яц бохуш йолу принцип- юхьара эцча, кхечу агIор хуьлийла а дац.

Амма Европерчу цхьацца йолчу пачхьалкхашкахь хIинцале кхайкхамаш бу хезаш, массо а нохчийн мухIажар полисхойн тергоне лаца, бохуш. Иштта, масала, немцойн телевизионехь кху деношкахь Бостонерчу хиламех лаьцначу дийцаршка кхайкххина хиллачу аналистех цхьаммо, Штерн ХIайнриха элира, Къилбаседа Кавказера, къаьстина Нохчийчуьра Германе схьабаьхкинарш берриш а аьлча санна агрессин а, терроризман а потенциал шайца йолуш бу, цхьаболчеран иза гаррехь ю, вукхеранаг цхьа хан тIекхаччалца лачкъийна лаьтташ ю, аьлла.

Цу кепара расизман хьун шайца йолу дешнаш, иттех шо хьалха немцойн юкъаралла оьгIазйахийта там болуш долу, таханлерачу бусулбачарна а, хийрачарна а дуьхьал йолу истери хаамийн гIирсаша а, Iедалан хьукматхоша а яржочу заманчохь, уьш аьллачунна цхьа а тIаьхьло а йоцуш дуьссуш ду.
Ткъа хIун дан деза мацах ХIитлеран заманчохь жуьгтий санна, тахана, олуш ма-хиллара, паушалан шеконе лаьцначу къоман, аьлча а, нохчийн векалша, шайх и шеконаш генаяхархьама я шаьш шайна дан цкъа а дагахь а ца хиллачу зуламашна бехке ца дайта?

Цу хаттарна иштта жоп ло политикан Iилманча волчу Хамзаев Лом-Iелас.

Хамзаев Лом-Iела: „ Цхьанна а дозанал арахь вехачу нохчочун цхьа а теракт ян ваха гIуллакх доцийла вайна массарна а хаьа, хьераваьлла воцучунна иза кхеташ а ду. Вай иза дийр доцийла оцу къайлахсервисхошна хаахь а, цара и вайн цIе кхин дIа а иштта нехашлахь хьекхор йолуш ю, вай бусулба хилар бахьана долуш а, вай оьрсашца тIемаш бар бахьана долуш а, и вайн цIе иштта дIаяхана яьлла хилар бахьана длуш а. Цундела цу хIуманашна вай реза доцийла дIахоуьйтуш а, вайн вешан бакъонаш ларон гIерташ а, вайна кхоьллина йолчу цу цIарна вай реза доцийла дIахаийта гIерташ а белхаш ца бахь, суна кхин некъ ца го“.

Маршо радио: Цу доллучо а карла доккху хIинцачул масех шо хьалха Москохахь а, кхечу оьрсийн гIаланашкахь нохчийн кхомах болу кегирхой, шаьшна Iедалхошка киса я оьккху молха я наркотикаш ца кхиссийтархьама шайн духарийн киснаш дIа а тегна лелла хила хан. Демократин тушпхьа а хилла лаьттачу Европехь дезарий те вайнехан кегирхойн кисанаш тега?
XS
SM
MD
LG