ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кабулан а, Исламабадан а юкъаметтигаш тоян Iалашонца цхьанакхетар хилла Брюсселехь


Кхаарин дийнахь ОвхIанан президент Карзай Хьамид цхьаьнакхийтира Брюсселехь Пакистанан эскаран инарла штабан хаькамца а, цу пачхьалкхан арахьарчу гIуллакхийн министрца а. Цершиннан дагадовларшкахь дакъа лецира Iамеркан апчхьалкхан секретаро Керри Джона.

Кабулан а, Исламабадан а юкъаметтигаш тоян Iалашонца дIадаьхьнера и цхьанакхетар. Шина пачхьалкхан дозанашкахь долу хьал ирделла латта тIаьхьарчу хенахь.

ХIара кIира долалуш Карзайс аьллера, шена хетарехь, 2014-гIа шо чекхдалале, шайн махкара арахьара эскарш дIадигале, Пакистанна шаьш долчехь сингаттаме хьал латтийла луучух тера ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG