ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бехк буьллучу агIора теш вистхилира Навальныйн кхелехь


Оьрсийчура Киров-гIалахь дIахьучу кхелехь ладугIуш ду «Кировлес» компанин гIуллакх. Цу гIуллакхехула кхеле озийна ву оьрсийн оппозицин лидер, коррупцех лаьцна яздеш волу блоггер Навальный Алексей. Бехке ечу агIора тахана вистхила Опалёв Вячеслав. 2009-чу-чу шарахь «Кировлес» компанина урхалла дина ву иза. Опалёвс чIагIдарехь, хIетахь Кирво-кIоштан губернаторан хьехамча хиллачу Навальныйс динчо зе дина компанина.

Талламан хьесапехь, Опалёвца а, «Вятскан хьунан компани» директорца Офицеров Пётрца а берте вахана, 10 миллион кубметр хьун лачкъийна, кIоштан бюджетана 16 миллион соьмана зе а деш.

Навальный тешна ву, кхелан гIуллакх политикан бух болуш хиларх. Ша коррупци гучуяккхарна еш ю кхел, боху цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG