ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Европин биллам кхочушбеш, шен лулахошца юкъаметтигаш тоеш ю Серби


Сербера низамашкховдорхоша дийца долийна, Европан Барто юкъарло а лелош, Сербина юкъайогIуш хиллачу Косоваца юкъаметтигаш лортIеялорца доьзна гIуллакх. ХIокху беттан 19-чу дийнахь Брюсселехь юкъаметтигаш тояр хьокъехь барт бира Косовон а, Сербин а премьер-министрша Тачи Хашима а, Дачич Ивицас а. Косовон парламенто и барт тIечIагIбира Охан-беттан 21-чу дийнахь. Ткъа Сербин министрийн хIусамо иза шолгIачу дийнахь къобалбира. Белградехь йолчу парламенто иза хIинца а дуьйцуш ду.

Оцу бертаца а догIуш, Косован къилбаседехьа болчу сербийн бакъо хир ю шайн автономи хила а, шайн полици ницкъаш вовшахтоха а. Цунна дуьхьал цара къобалдийр ду Косован коьрта Iедал.
Балканашкахь болчу шен лулахошца юкъаметтигаш тояр, Европан Барто Серби шена юкъаэцаран билламех цхьаъ бу.
Цхьаболу сербийн националисташ а, Косовера сербаш а реза бац цу бартана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG