ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Вен кхел кхайхкийна хиллачу индихочунна къиза йиттина Пакистанера набахтехь


Шпионалла лелийна аьлла, Пакистанехь вен кхел а кхайкхийна, чувоьллина латтош волу индин къомахчу Сарабджит Сингхана тIелатар дина, цуьнца цхьаьна камеран чохь хиллачу тутмакхаша.

Дов даьллачехь, кибирчиган аьхкашца а, кхечу гIирсашца а еза чевнаш йина цуьнан коьртана. Лахорера дарбан цIийнахь дархочуьнга хьовсучу лоьраша бахарехь, иза вуочу хьолехь ву.
16 шо хьалха Лахорехь 14 стаг а вуьйш хиллачу эккхийтарна бехке а вина, вен кхел кхайкхинера Сингхана.

Набахти чохь цунна тIелатар дарна критика йина Пакистанерчу адамийн бакъонашларъярхоша. И гIуллакх ишта шуьйра дуьйцуш ду Индехь.
Иттаннаш шераш ду ХIималайера Кашмир кIоштана тIехула шина агIнна юкъахь дов лаьтта.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG