ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТΙалибаша вийна 8 полисхо




ОвхΙанистанерчу Логар-кΙоштахь некъаца иккхинчу бомбанах велла 8 полисхо. Цигарчу полицин хьакаман гΙовса Садикъ Хан Раиса Маршо Радиога дийцира, шайн белхахой НАТОн декъаца меттиг зуьйш бара церан машен иккхича, аьлла. Эккхийтар шайна тΙеоьцуш, дΙахьедар дина тΙалибийн векала МуджахΙид Забиуллас. Цо бахарехь, бΙаьстенан тΙеман кампани йолийна тΙалибаша.

Ιедаланний, тΙалибийнний агΙонашца бертан къамел дан воьдуш, шен шина хадарохочуьнца цхьаьна вийра къелонна буханисвелла ОвхΙанистанехь Машарбаран кхеташо олучу хьукматан векал. Иштта кхелхира эккхийтар шайн машенна дина Ингалсера 3 салти а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG