ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Израило Димашкъана тохарш дар емал дина ГIажарийчоьно


ГIажарийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралло емал дина Израилан кеманаша Димашкъана гонах йолчу меттигашка бомбанаш а, ракеташ а тохар. ГIажарийчоьнан Iедалша кхайкхам бина луларчу пачхьалкхашка Израилна дуьхьало яхьара аьлла. КIирандийнахь Iуьйранна Димашкъехь маситта эккхийтар хилла.

Уьш Израило дина тохарш ду аьлла хеташ ду Шеман Iедалш. Шеман зорбанан гIирсаша бехке йина Израил шайн тIеман талламан центрна тIелатар дарна. Цхьа де хьалха а ракеташ йиттира Израило Шеман территорина тIе. Израилан Iедалан векалша чIагIдарехь, цара тохарш дира «Хьезболла» олучу Ливанерчу шиIатийн тобанна ракеташ эцна йоьдучу коврана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG