ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ВорхI стаг вийна Даккехь полицица хиллачу тасадаларшкахь


Бусулба партин декъашхойн а, полицин а тасадаларш хилла Бангладешан коьртачу гIалахь Даккехь. Би-би-си-но бинчу хаамца, цу тасадаларшкахь вийна мел лаххара а 7 стаг. 60 сов лазийна ву. Чевнаш хилла бу полицин белхахой а. Полицbно резини дендаргаш а йиттина, бIаьргех хиш оьхуьйту газ а хецна дуьхьалонан акцин декъашхой дIасалохкуш.

Эзарнаш «Хефазат-и Ислам» олучу партин агIончаша доьхург дара ислам дин сийсаз дарна таIзар дар чагIдар. Хьалхо Бангладешан Iедал реза ца хилира, цхьаболчу бусулба наха бохург кхочуш а дина, дин емал дарх лаьцна керла низам тIеэца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG