ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Темерхановн гIуллакхехь дакъалаьцначу бехккъасторхошка кхайкхам бина адвокато Мусаевс


Буданов Юрий вийна аьлла бехке винчу Темерханов Юсупан адвокато Мусаев Мурада кхайкхам бина и гIуллакх луьстуш хиллачу бехккъасторхошка. Адвокато дийцарехь цара карарчу хенахь толлуш бу и бехктакхаман дов хоттуш низам дохийна аьлла бехккъастрхой хиллачу 4 стага дина долу дIахьедар.

https://www.facebook.com/murad.musaev.9/posts/10200166616782714

Мусаевс доьху кхин болчу бехккъаторхошка нагахь царна тIеIаткъам бина, я билггал цхьа сацам тIеэца аьлла дехар дина меттиг ялахь иза шайга хаийтар. Муьлхха а шайга кхаьчна йолу информаци шаьш хьул йина латтор ю боху адвокато, иза еллачу стага иза яржо пурба даллалц.

Темерхановна кхел кхайкхийначул тIаьхьа адвокато Мусаев Мурада дIахьедар дира, шайн синош дIадала кийча ду шаьш бакъо а, нийсо а толийта аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG