ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ЦIеххьана визитца ОвхIанистане яхана Меркел


Дукха хан йоцуш ОвхIанистанехь шайн лерринчу эскаран тобан салтти вер онда тохар хилла берриг а махкана аьлла, дIахьедар дина цу пачхьалкхе яханчу Германин канцлеро Меркель Ангелас. Иза дуьххарлера Германин эскархо ву кху тIаьхьарчу 2 шарахь вийна волу.

Кундузехь йолчу тIеман базехь йист хуьлуш, Меркела элира, хиллачо гойту цу махкахь долу хьал чолхе хилар аьлла. Цу хеннахь Германин канцлеро дIахьедар дира дуьненаюкъарчу коалицино овхIанан кхерамазаллин ницкъаш кечбан юьхьар лаьцна некъ нийса хилла аьлла.

Карарчу хенахь ОвхIанистанехь дIатарвина ву 4 300 Германин эскархо. Уьш Iамеркан эскархой санна арабохур болуш бу цигара 2014-гIа шо чекхдолуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG