ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мозий, чхьаьвригаш, эзар ког берш жигара яа боху Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацино


Садолу хIуманаш жигара яаре кхайкхина Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацино. ХIунда аьлча, экспертийн хьесапехь, цо мацалла дIайоккху, Iалам бехдалар лахдеш аьтто а бийр бу.

Са долу хIуманаш массанхьа а ю, уьш сиха дебаш ю, Iаламехь башха йоккха лар ца юьту цара, аьлла ду цу Организацин Юучу ХIуман а, юртбахана а урхаллин рапорта тIехь.

Документо билгалдоккху, шеца протеин дуккха а долу садолу хIуманаш шайн кхачанех тухуш хIинцале хIокху дуьнентIера ши миллиард адам ду. Малхбузера пачхьалкхашкахь мозий, чхьаьвригаш, эзар ког берш, кхин ерш а жигара яарна новкъарло еш дерг, дог керчар ду, боху эксперташа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG