ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нуьцкъала лелхийтарш хилла ОвхIан-пачхьалкхера Кабулехь


ОвхIан-пачхьалкхан коьртачу Кабул-гIалахь хиллачу эккхийтарехь беллачерийн терахь 15-нна тIекхаьчна. Ялх Iамеркахо – эскархой а, маьрша говзанча а ву. ОвхIанхошна юкъахь велла исс стаг. Царах шиъ бер ду. Чевнаш хилла, мел лаххара а, 40 стагана.

Даккхий зенаш дина гонахарчу хIусамашна. Оьккха молха долуш, вала араваьлла стаг чохь хилла машен тIеман коврана юкъа иккхина хилла.
Оцу тIелатарх долу жоьпалла шена тIелаьцна, тIалибашца уллера юкъаметтигаш йолчу «Хезб-э-Ислами» тобано.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG