ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дуьненаюкъарчу Кинойн Фестивалера хьешашка лелаяйта еана хилла, Chopard компанин 1 миллион долларна еза хIуманаш лачкъийна Каннашкахь


1 миллион доллар мах болу дашо хIуманаш лачкъийна, Дуьнеюкъара Кинойн Фестивал дIахьучу Каннашкахь, Новотел хьешан хIусамера. Фестивалехь дакъа лоцучу кинойн артисташка лелаяйта еана хилла уьш. Дийцарехь, безачу тIулгех а, дешех а еза хIуманаш а, сахьташ а дечу, кинойн фестивал официала спонсоран, Chopard компанин цхьана белхахочо лаьцначу хьешан хIусамехь, сейфан чохь дIаехкина яра уьш.

Талор дина пIераскан буса, нийсса, Коппола Софийн «Лакхара юкъаралла» цIе йолу кинон премьера йолаялале. Бевзаш болчу нехан дизайнерийн духар а, еза хIуманаш а лечкъорах лаьцна ю и кино.
ХIокху кхаарин дийнахь йолаелла Каннашкахь, хIора шарахь дIахьуш йолу Дуьненаюкъара Кинойн Фестивал. 12 дийнахь бIеннаш кинош гойтур ю. Итт пачхьалкхера ткъа кино хир ю коьрта совгIат къовсуш – Дашо палмин га.
Фестивалан жюрин коьртехь Спилберг Стивен ву. Церемони дIахьуш ю Францера актриса Одри Тату.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG