ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Иракъехь урхалла дечу шиIаташна, цара бечу ницкъана реза боцчу сунниташна юкъахь андий тасадаларш ду


ХIокху тIаьхьарчу масех кIирнахь Иракъ мел ю алсамдаьлла ницкъ бар. БагIдадера террорана дуьхьала болх бечу декъан полисхочуьн ша болу доьзал бийна – хIусамнана а, иттий, барххIий шераш долу шиъ бер а. Ал-Рашид кIоштехь, шайн хIусмаехь и нах байинчул тIаьхьа, цу метте тIеведда хехо а вийна герз карахь хиллачу стага.

Басрехь а, герз карахь хиллачу стага динан да, суннийн Iаьрбо Насир Асад вийна, шен хIусамера араволучехь.

Рамадина уллехь а цхьана тайпанара ши стаг вийна, Иракъан кхерамазаллин ницкъашца церан тасадалар хиллачул тIаьхьа. Пхи салти верна бехке лоруш волу Мохьаммед Хамис Абу Риша лаца гIоьртича хилла дара и тасадалар. ШиIаташа урхалла дечу Иракъан Iедална дуьхьал болчу Анбар провинцера боламан лидеран Ахьмад Абу Ришин вешин кIант хилла Риша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG