ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Керри Джон: ГIажарехь харжамаш маьрша хир бац



ГΙажаройчохь тΙебогΙучу беттан юккъехь хила безачу президентан харжамашка тешам шайн боцийла дΙахаийтина Ιамеркан Цхьанатоьхначу Штаташа. Цуьнан бахьана ду гΙажаройн Ιедалша, кандидаташка язбала луучарна гатто а хьоттош, харжаме бохучу нехан го жимбар.

Шинарий дийнахь ГΙажарийчоьнан Хадаран Кхеташоно дукхахболчу политикашна йихкира кандидаташ бовла бакъо, иштта ца язвалийтира кандидаташла хьалха президент Ιийна Рафсанджани Акбар а. Президентан гΙант къовса луучу 700 стагах мехкан лидерна, аятоллина Хаменеи Ιелина тешаме лоруш волу 8 стаг бен ца кхачийтина кандидатийн декъа.

Штатийн пачхьалкхан секретара Керри Джона ша Израилехь пΙераскан дийнахь динчу къамелехь элира, харжамаш режимо шена хΙитточех хир бу, уьш маьрша хир боцийла а, харжинарг халкъан цΙарх лорийла доцийла хΙинцале а гуш ду, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG