ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бохам хиллачу ОклахIоме вахана Обама Барак


Торнадо бахьана долуш бохам хиллачу ОклахIома-штатерчу бахархошна гIо дийра ду шаьш аьлла, дIахьедар дина Iамеркан президенто Обама Барака. КIирандийнахь иза хилира ОклахIома-ситина уллехь йолчу Мур цIе йолчу гIалахь.

Обамас иштта шайн махкахошка дехар дира, Iаламан бохам хилар бахьана долуш зе хиллачу нахана рицкъ гулдеш дакъалацахьара аьлла.

Кху беттан 20-чу дийнахь ОклахIома-сити гIаланна гонаха торнадо эккхар бахьана долуш вийна 24 стаг. Царах 10 бер ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG