ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ткъех сов эскархо а, полисхо а вийна ОвхIанистанехь


Мел лаххара а 22 кхерамазаллин ницкъийн белхахо вийна кху тIаьхьарчу дийнахь-бусий ОвхIанистанехь. Цуьнах лаьцнна хаам бина меттигерчу Iедалша. Иштта Кандагар-провинцехь Зари олучу меттехь, фугас а эккхийтина, вийна машенахь вогIуш хилла кхо салти.

Кхин а 7 полицин белхахо вийна Кандагарехь Аргхистан-кIоштахь, талламан пунктана тIелатар а дина. Цу кIоштан администрацин векло дийцарехь, тIелатар динарш бевзаш хилла полицин белхахошна. Цара хьошалгIа кхайкхина хилла и нах. Цул сов, овхIанан эскархошна тIелетарш дина Кабулехь а, Бадахшанехь а, Пактияхь а, Гильмендехь а, Парванехь а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG