ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Левада-центро кхин оьцур дац махкал арахьара ахча


Кхечу пачхьалкхашкара ахча ца эца сацам бина Левада-центр олучу социологин сервисо. Цуьнах лаьцна Ведомости газетана интервью луш дIахьедар дина цу центран векло Волков Дениса. И сацам бина Левада-центро ши кIира хьалха прокуратуро кхечу пачхьалкхийн агент санна регистраци яр шена тIедожор бахьана долуш.

Волковс дийцарехь, кхечу пачхьалкхашкара гранташ ца эцар хьамма цара сацийна шаьш кхочуш еш хилла ши проект. И шиъ йоьзна яра гражаданийн юкъаралла талларца а, Москох бахархойн политикан ойланаш талларца а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG