ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ЭрдохIан Реджеп: «Iаьрбийн бIаьсте» ма ала Туркойчура дуьхьалонан акцех


Туркойчохь баьржинчу дуьхьалонан боламашца боьзна туркошка кхайкхам бина, Туркойчоьнан премьер-министро ЭрдохIан Реджепа. ЭрдохIанна хетарехь, дуьхьалонан акцешкахь дакъа лоцуш болу, цуьнга шегара дарж дита бохуш берш, «экстремисташца боьзна бу».

Даханчу пIераскан дийнахь дуьйна дуьхьалонан акцеш ю Уьстмалахь, Хонкарахь, кхечу гIаланашкахь а дIахьуш. Цигахь дакъа лоцуш иттаннаш эзарнаш нах бу. Кхерамазаллин ницкъийн белхахоша бIаьргах хи тосуьйту газ а, хи туху тоьпаш а, ур-атталла, бакъболу патарманаш а лелийна царна дуьхьал.

Юьхьанцара, Туьркойчоьнан коьртачу Уьстмал-гIалахь йолчу Таксим майданна уллера дитташ хьакхарна дуьхьал йолаеллера, тIаьхьуо, Iедална дуьхьал йирзина йолу, реза ца хиларан акци. Оршот буса урхалла дечу партин хьукхматашна тIекхача а хьаьвсинера, урамашка бевлла нах.

Карарчу хенахь Туркойчохь баьржина дуьхьалонан болам «Iаьрбийн бIаьстенца», аьлча а, революцица бустарна кхоччуш реза вац ЭрдохIан. И аьлла дIахьедар дира цо оршот дийнахь, ша Къилбаседа Африкерчу пачхьалкхашка ваха новкъа валале.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG