ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шега кховдийначу бехкашна реза вац лаьцна волу ХIинж-гIалин мэр Амиров СаьIид


Даханчу кIирнахь лаьцначу ХIинж-гIалин мэре Амиров СаьIиде официала бехк кховдийна. Такхаман шина артиклца боьзна бу иза – «юьхьанцара таллам дIахьучу стеган дахарна тIекховдар», «герзаца низамехь доцу гIуллакхаш лелор» а.

«Амиров реза ца хилла шега кховдийначу цхьана бехкана буха куьг таIон, иза цхьана хIуманна реза вац» аьлла дIахьедар дина цуьнан адвокато Крутер Марка. Иштта, Амиров реза вац ша Лефортово чохь латторан хьелашна а. Адвокато бахарехь, «тутмакхана молханаш ца ло, цуьнан ур-атталла, куьйгаш дила меттиг а яц».

15 шарахь ХIинж-гIалина урхалла дина Амиров Мангал-беттан 1-чу дийнахь лаьцна ву.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG