ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хьалххе хIума тоха, тIаьхьа бале ца бовлийта


Кадыров Рамзан оьрсийн журналисташка къамел деш, Соьлж-гIала, 27Сти2013
Кадыров Рамзан оьрсийн журналисташка къамел деш, Соьлж-гIала, 27Сти2013

Кхийра кхаба а елла, хи тIе вохуьйтучу кIантана жуьгтичо хьалххе еттарх тера ду, Нохчийчура Iедалша муфтиятаца цхьаьна, вахьабхойн ойла йолу кегийра нах билгалбахар. Синтем байна дай-наной шайн бераш махках даххал, бIарзбелла.

Официалан кхайкхош дацахь а шатайпа кхетош –кхиоран болх болийначух тера ду бахархошлахь ницкъаллин структураша. Вуьшта аьлчи нехан цIа а оьхуш,цIера дIабига болийна кегийрхой. Цунна даре до бахархоша а.Иттаннашкахь кегийрхой дIа а буьгуш, лебеш, юха мукъабовлийтина Теркйист кIоштера а бохуш дуьйцуш ю, цIарца йийца со хIуттуш воцу ЧIуьлга-Юьртара яхархо.

«КIоштера дуккха а лецначух тера ду. Лакха-Неврера,суна хууш,Ибрагимов вигна. Лебеш хеттарш а дина цIа бахкийтина.Лецар бахьна вахабхошна тIаьхьабозуш хилар ду кхин хIумма а дац.Далла Iамал яр доцург тхо кIадда а деш дац,я тхойгара цхьанне а кхерам а бац аьлла даре а дайтина цIа бахкийтина»

Соьца къамел динчу яхархочо йинчу къароца Теркйист кIоштан Лакха-Неврера лаьцна дIа а вигна,барт хаттам а бина мукъавалийтина масала ИбрагимовгIеран кIант. Цо дийцарехь цхьаболчу кIентийн дай-наной уьш кхечу пачхьалкхашка Европе дIабаххийтал чIогIа кхерабелла бу,шайн бераш юх-юха а Iедало тIекхийла сахьт дац хIинцачул тIаьхьа бохуш.

Бахархошна хетарехь кегийрхой цхьана ханна лецар бахьна ду церан вахабхой дог-ойла хиларна уьш царна тIаьхьабазарх ларбар а,цара юьхьарлаьцнарг харц некъ хиларх уьш кхетор а.

Махкахоша чIагIдарца, кху муьрехь цу кепара жигар баьккхинчу балхана нацкъара лаьтташ яц меттигера динан урхалла а. Цхьаболчара билгалдаккхарца-ма дIа а буьгуш, тIеIаткъам а беш, кегийрхой нийсачу новкъа бахаран хIайттархо муфтият ю. Кхечара чIагIдо Нохчийчохь вахабхойн хьажам, дог-ойла мел йолу бахархой, муьлш, мичара бу а хууш, динан урхаллехь цIарца бевзаш бу бохуш.

Адамаш кхетамехь лакхадаха цу кепара дIахьуш долу «маьрша» лецарш доцуш,кху карабеъначу мангалан беттан юьхь къаьсташ ю тIеман агIончаш лецарца а. ГIаттамхойн могIаршкахь леларна а,цхьа могIа,вер-ваккхар биста кхаччалц, вуно ницкъала зуламаш дарна а бехке веш, 35 шо долу вахархо лаьцна Шелан кIоштан Йоккхачу АтагIахь. Полисхойн урхаллин хьостано чIагIдарца лаьцна набахте кхачийнарг Iедало лохуш волу цхьайтта-шийтта шо хан хилла.

Цхьана полисхочо-эпсаро бинчу хаамца, шен лорх а кхиъна,билггал ша лоцур вуй хиъча,шен лааамехь Iедална тIевахнарг хила, кху деношкахь низамхой каравахна Веданан кIоштера 34 шо долу вахархо.Талламхоша дийцарехь цо мукIарло дина хIинцачул иттех шо хьалха цхьана йоццачу хенахь,Ильмурзаев Сулейман цIе йолу тIемало баьчча а волуш ша гIаттамхойн могIаршкахь елла бохуш. Официалан хьостано билгалдоккху тIемалошлахь дош лелаш хилла Илмурзаев 2007 –чу шарахь Веданан кIоштахь тIеман операци дIахьуш вийна хилар.

Чоьхьарчу гIуллакхийн министараллин гIардаккха дезна масех де хьалха ТIехьа-Мартанан кIоштан лаьмнашкахь гIаттамхой каро а,схьалеца а йолийна тIеман операци жамI доцуш дIайирзина хилар.Иза йолийнера кхо-диъ де хьалха тIемалоша цхьана полисхочунна чевнаш а еш,герзаца тохар динчул тIаьхьа.

Ницкъаллин структурийн буьйранчашна хетарехь полисхошна тIелеттарг 3-4 стагах лаьтташ тIемалойн жима тоба а хилла, церан ГIалгIайн мехкан хьаннашкахь хьулбала ка а яьлла.

Карладаккха аьлчи, тIемалойн боцу хьесап а ду,биснарш а иттех-ткъех стаг эцца нохчийн а гIалгIайн дозанан хьаннашкахь лечкъаш лелаш бу аьлла дIахьедар динера кIира хьалха Кадыровс а.

Iедалдайшна хетарехь дехьа-сехьа лелха аьтто болуш,тIемалойн хьоме меттигаш ю гIалгIайн мехкан дозанца йолу ТIехьа –Мартанан кIоштан хьаннийн хотеш а,лаьмнийн Iиннаш а,тогIеш а.аьрцнаш а.

Iедалан хаамийн хьостано кхайкхорца стигалкъекъачу беттан 27 дийнахь. Старопромысал кIоштехь низамхоша вийнера шайна герзаца дуьхьало ян воьлла 22 шо долу Генердукаев ИбрахIим. Официалан боцчу хаамца цу диннахьехь Iедалан герзахоша лаьцна дIайигна цIеран СемаIашкара цуьнан хIусамнана цIерачарна тахна а мичахь ю хууш дац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG