ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Реджеп ЭрдохIан: Уьстмалера Таксим майданахь хийцамаш баран планаш кхочушъярна тIера юхадовла дагахь дац туркойн Iедалш.


Туркойчоьнан премьер-министро Реджеп ЭрдохIана дIахьедар дина, Уьстмалера Таксим майданахь хийцамаш баран планаш кхочушъярна тIера юхадовла дагахь дац туркойн Iедалш, аьлла. Тахана Тунисехь журналисташна хьалха къамел деш цо элира, нуьцкъала демонстрацина юкъара цхьаболу нах террорахой бара. Делахь а, кхин хIара ду аьлла, хIумма а билгал ца даьккхира. Делахь а, цуьнан когаметто Аринч Булента къинтIера довлар дийхира, полицино бинчу ницкъана.

ЭрдохIан тахана Туркойчу юхавоьрзуш ву, Къилбаседа Африкера визит чекх а яьккхина.
Оцу юкъанна, Iедало лелочуьнна дуьхьал юьйлаелла дуьхьалонан акцеш шоръелла. Уьстмал йоцчехь, кхечу гIаланашкахь а яьржина. Мел лаххара а кхо стаг вийна. Цу юкъахь цхьа полисхо а ву.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG