ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Уьстмалера Таксим майда кхехкаш ю, туркойн Iедална реза ца хиларх


Уьстмалан эзарнаш бахархой урамашка арабевллера тахана, дуьхьалонан акцеш дIахьучарах кхетархьамма. Масех де ду, Уьстмалера Таксим майданахь четарш а тоьхна, дуьхьалончаш дIатарбелла.
Дийцарехь, Туркойчоьнан коьртачу гIалахь Хьонкарахь а, кхечу туркойн гIаланашкахь а дIахьуш ю и тайпа акцеш.

ПIераскан дийнахь туркойн премьер-министро ЭрдохIан Реджепа дIахьедар динера, дуьхьалоан акцеш сихонца сацае, аьлла. Цо ша кийча ву элира, «демократин тIедахкарш долчу нахаца къамел дан».
Иттаннаш эзарнаш туркоша дакъа лецира ерриг пачхьалкхехь хIокху кIирнахь туркойн Iедал дуьхьал дIаяьхьначу демонстрацешкахь. Мел лаххара кхо стаг вийна. Дукха нахана чевнаш йина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG