ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Харжамийн жамIаш деш ю ГIажарийчоь



ГΙажарийчохь пΙераскан дийнахь хиллачу президентан харжамашкахь шеца къовсалучу кхечу кандидател дуккха а хьалхаваьлла паргΙатонашкахьа хиларца къаьсташ волу Ιеламча РохΙани Хьасан. Кхаьажнаш багарбечу чоьхьарчу гΙуллакхийн министралло хаийтина цуьнгахьа 51 процент ца кхоччуш харжамхойн хилар.

Консерваторна, ТехΙеранан мэрана Калибаф Мохьаммадна кхаьчна 15 процент хиллал кхаьжнаш. Нагахь санна жамΙийн терахьаша ах харжамхой РохΙанигахьа хилар ца гойтуш нислахь, харжамийн шолгΙа мур а дΙабахьа безар бу.

ГΙажарийчоьнан аятоллас ХΙаменеи Ιелас дΙакхайкхийна халкъе, 6 кандидатах муьлххарг а ву президент хила хьакъ, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG