ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

«БархIаннен саммитехь» ворхIанна дуьхьал ву Путин


Британи -- саммитана хьошалла деш волу Британин премьер-министр Кэмерон Дэвид, 14Ман2013
Британи -- саммитана хьошалла деш волу Британин премьер-министр Кэмерон Дэвид, 14Ман2013

Къилбаседа Ирландера Лох-Эрн курортехь шина дийнахь яхлур йолу «Йоккхачу БархIаннен» саммит йолаелла оршот дийнахь. Оцу шина дийнахь дуьйцуш долу хаттарш дуьненаюкъарчу кхерамазаллица а, экономикица а доьзна ду. Цул сов, коьрта меттиг дIалоцур ю Шемахь дахделлачу девно а.


«Йоккхачу БархIаннен» саммитехь дакъа лоцуш бу Канадин, Германин, Францин, Италин, Цхьанатоьхначу Штатийн, Британин, Японин а Оьрсийчоьнан а куьйгалхой.

Саммит тIелоцучу Британин премьеро Кэмерон Дэвид элира, «вовшен бIаьра хьовса хьаьвсина, дар-дацарш, цхьана ца дараш дIа а даьхна, вайна хьалха лаьтта проблемаш ерзон политикан лаам гулбан лаара» шена.

Саммитан юьххьехь Iамеркан президент Обама Барак а, Британин премьер-министр а цхьаьнакхийтира Италин премьерца Летта Энрикоца, Францин президентца Олланд Франсуаца, Германин канцлерца Меркел Ангелица а. И пачхьалкхаш дагадовларш долош ю Iамеркина а, Европан Бартан а юкъахь маьрша йохка-эцаран зонна кхолла Iалашонца а, ял яккхаран политикехь долчу хаттаршкахь барт карон а.

Кэмерона бахарехь, маьрша йохка-эцаран барто аьтто боккхур бу Британин экономике 10 миллиард фунт са яккха а, керла белхан меттигаш кхолла а.
Хьалххе дуьйна дийцина ма-хиллара, Шемано коьрта меттиг дIалоцур ю саммитехь.

КIиран дийнахь Кэмерон цхьанакхийтира Лондонехь, Шеман президентан коьртачу бертахочуьнца оьрсийн президентца Путин Владимирца. Цершинна дагадовларш чекхдевллачул тIаьхьа вовшахтоьхначу зорбан-конференцехь вистхуьлуш, Кэмерона а, Путина а тайп-тайпана мах хадийра Шемахь хуьлчунан.

Шемахь цIий Iенаран жоьпалла Асадана тIехь ду элира Кэмерона.
Цунна дуьхьала, «цIий шина агIонна тIехь ду» элира Путина.

Путин: "Асадан режимана герз кхачорах а, цIий хьенан куьйгашна тIехь, берийниг а цхьана, бохучух лаьцна аьлча, аша керстадийр дац аьлла хета суна, цIий шина а агIонна тIехь хилар."

Асадан режимана Оьрсийчоьно герз дохкар, дуьненаюкъарчу низамашца догIуш ду, шаьш цхьа а бакъо йохош дац элира, Путина.

Шемарчу оппозицина герзан кхачо ярах лаьцна Европехь дуьйцуш делахь а, хIинца а кхоччуш бина сацам бац. Шемарчу гIаттамхошна герз латторан хьокъехь Путина элира, «царна юкъахь шайн мостагIий байина ца Iаш, камерина хьалха церан чоконаш а юуш болу нах бу», аьлла билгал а доккхуш.

Оьрсийчоьнан а, Британин а Шемарчу хьолан хьокъехь йолу позицеш мел къаьсташ ю аьлча, уьш ур-атлла, саммитана жамIашна тIехь а хаалур ю боху эксперташа. Британин премьер-министро къайла ца даьккхира иза.

Кэмерон: "Цхьаннена къайле яц сан а президентан Путинан а цхьадолчу хаттаршкахула цхьана ца дараш хилар. Амма аса тахана хиллачу къамелехь аьлларг дара, вайна оцу хаттаршкахь барт карор бу, нагахь санна, вай цхьатерра коьрта бакъонаш лоруш хилар билгалдаккхахь. Конфликт ерзон, Шема екъаялар сацон, шеманхошка шайгга шайн урхалла ден Iедал харжийта, экстремисташна дуьхьало а йина, шемахой ларбан."

«БархIаннен» саммитехь Шемаца доьзна хаттар дийцар деш, шина агIонийн дагадовларш дIахьур ду, шемарчу гIаттамхошна герз дала кийча ву ша аьллачу Iамеркан президента Обама Барака а, Путина а, Кэмерона а.

«Йоккхачу БархIаннен» дуьхьала гуттар а дуьхьалонан акцеш дIахьуш хиларе терра, Къилбаседа Ирландехь леррина кхерамазаллин раж ю болх беш. Лох-Эрн курорт ша-ерриг а, кIохцал долу сераца юьйцина ю, го баьккхина. 8 эзар полисхо ву ха деш.
XS
SM
MD
LG