ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Эрмитажерчу гайтамехь дакъалаца реза ца хилла Меркел


Германера дIаяьхьна йолу исбаьхьаллин мехаллаш юкъахь йолчу Эрмитажерчу гайтаме яха реза ца хилла Петербухехь визитаца йолу Германин канцлер Меркель Ангела. ПIераскана сарахь «Йоьза бIаьшо. Дозанаш доцу Европа» цIе йолу гайтам схьабелла безаш яра иза Путин Владимирца цхьана.

Амма и дакъа визитана юкъардIадаьккхира. Меркелан векало Зайберт Штеффана дийцарехь, канцлер лууш яц Германин културан мехаллаш Оьрсийчоьно шайна схаьяла еза аьлла шена хетарг ала йиш йоцучу гайтаме яха. Ткъа Меркел дагахь хилла ШолагIа Дуьненара ТIом боьдуш Германера дIаяьхьна йолу хIуманаш юхаерзо еза ала.

Официалан боцучу хаамашца, Меркела гайтам схьабоьллуш кечдинчу къамелан чулацам муха бу хиина Оьрсийчоьнан векалшна. Ткъа цара сацам бина цигахь дакъа ца лаьцча а мегар ду Путина а, Меркела а аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG