ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

«За права человека» болам юьхьарлаьцна Iедалша


НТВ-телеканалан журналисташ а балош, Москох-гIалин юккъехь туп тоьхна йолчу «За права человека» олучу юкъараллан боламан офисе баьхкинера ПIераскана дийнахь Iедалан белхахой а, полисхой а. Маршо Радион корреспонденто бинчу хаамца, цfрах цхьамма хаийтина ша мила ву. Иза хилла латтанан ресурсийн департаментан белхахо.

Бакънашларъярхойн боламан декъашхочо Букварев Александр дийцарехь, царна дихкиана офис чубахар, цаьрца аренда яран барт чекхбаьлла аьлла. Букваревс чIагIдарехь, иза бакъ дац. Iедалш шайна тIеIаткъам бан гIерташ ду аьлла хета цунна.

Хьалхо Мемориало а, «Москохара ХIельсинкин тобано" а "За права человека" боламо а латкъам бинера Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле, Оьрсийчохь тIеэцна долу Iедалех йоьзна йоцучу вовшахтохараллех лаьwна долу низам бахьана долуш. Цу низамца а догIуш коммерцица йоьзна йоцу махкал арахьара ахча оьцуш йолу организацеш регистраци ян дезаш ю, шаьш кхечу пачхьалкхийн агенташ ду аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG