ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Африкан президент лаьттина Мандела Нельсон чIагIвеллачу хьолехь ву


Къилба Африкан президенто Зума Джейкоба дийцарехь, Африкан президент лаьттина Мандела Нельсон хIинца а чIагIвеллачу хьолехь ву. ЙохIаннесбергехь тахана вовшахтоьхна хиллачу зорбан-конференцехь вистхуьлуш Зумас элира, Манделин могушаллех лаьцна кхин сов даьккхина х1ума ала йиш яц, шен. Мандела чIагIвелла хиларх лаьцна кIиран дийнахь хаам бинера Къилба Африкан Iедалша.

Апартеидца къийсина хилла 94 шо долу лидер волче, дарбан цIийне хьажа-хIотта ваханера Зума оршот буса.
Хаамийн гIирсаша дийцарехь, Манделин гергарнаш, цуьнан хилла хIусамнана Винни а цхьаьна, цуьнаг хаьовса дарбан-цIийне оьхуш бу.

Мангал-беттан 8-чу дийнахь дарбан-цIийне кхачийнера Мандела Нельсон, Iедалша ма-аллара, пехийн цамгарна дарба лелон.
Апартеид чекхяьллачул тIаьхьа, 1994-чу шарахь Къилба Африкан дуьххьара Iаьржа чкъор долу президент хIоьттинера Мандела.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG