ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Приштинехь тасадалар хилла полицин а, албанхойн а


Сербица Косован юкъаметигаш нисъяран бертан доьхьал гулвеллачу масех бIе албанхочуьн полицица тасадалар хилла Приштинехь. Маршо радион Балканан сервисан корреспонденто бечу хаамца, цара депутаташна новкъарло йира парламентан гIишлонна чубаха.

Европан Барто юкъарло а лелош, шина агIонан юкъаметтигаш нисъярца боьзначу бартана ратификаци ян езаш бара депутаташ.
Бурч йолу газ лелийра полицино, гулбеллачу нехан тоба дIаса а яьккхина, парламентхой гIишлонна чубахийта. Мел лаххара пхи стаг лаьцна полицино.
Пiераскан дийнахь Европан Бертан лидерша формалан кепехь къобалдийр ду, Серби Бертана юкъаэцарца доьзна къамелаш долор.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG