ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Карзай Хьамид: ТIалибийн тIелатаро машаран процесс сацор яц


ОвхIан-пачхьалкхан президенто Карзай Хьамида дIахьедар дина, дукха хан йоццуш, тIалибаша президентан гIишлошна динчу тIелатаро машаран процесс сацор яц, аьлла.

Тахана журналисташна хьалха вистхуьлуш Карзайс лахбира, деношкахь тIалибаша дийна делккъехь динчу тIелатаран мах. «Ша йолу ОвхIан пачхьалкх Iад а йитина, гуттар а президентан гIишлошна тIелатар дахьара цара», элира Карзайс. Цо юха а билгалдаьккхира, Талибанца машаран дагадовларш а деш, йолийначу цу машаран процессана шен администрацино гIортор еш хилар.

Хьалххе хаийтина а доцуш, Кабуле ваханчу Британин премьер-министро Кэмерон Дэвида а къобалдира, мел волчу овхIанхочо дакъа а лоцуш, ерриг пачхьалкх бертахь цхьанакхетар.

ТIедогIучу шарахь ОвхIан-махкара НАТОн ницкъаш арабахале, политикан а, кхерамазаллин а проблемаш ерзийна хиларе сатуьйсу ша, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG