ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Европана ца тайна Штаташа ша зер



Германин канцлеран Меркель Ангелин пресс-секретара Зайберт Штеффена дΙахьедина, нагахь санна Вашингтоно Евробертехь шпионалла лелийна бохург бакъ делахь, иза хила торуш хΙума дац, аьлла.

Оцу дΙахьедарна бухахь бу Гардиан газетехула Ιамеркара веддачу къайлахчу сервисан векала Сноуден Эдварда Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь ша болх бинчу хьукмато дуккха а пачхьалкхашкарчу бахархоша а, куьйгалхоша а телефонехула, интернетехула ден къамелаш дΙа а яздеш, тергонехь кхобу аьлла кхайкхор.

38 мехкан векалтан белхахой латтабо Вашингтоно иштта тергонехь, цул совнаха оцу мехкашка иччархой а хьийсабо, чΙагΙдо Сноудена. Европера хилла а ца Ιа Ιамерко шпионалла леладо аьлла, цо цΙерш яьхна мехкаш. Ю царалахь, масала, Япони а, Туркойчоь а.

Вашингтоно хьалхо дош делла, ша пачхьалкхашна тΙехь хΙун терго латтайо кестта довзуьйтур ду аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG