ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Алиев ИльхIамна дуьхьало лоьху оппозицино



Президент харжа кечлучу Азербайджанехь цхьаьнакхетта оппозицин ницкъаш. Гурахь харжамашкахь хир ву церан кандидат а. Дарж къовса кечлучу демократин ницкъийн Къоман Кхеташоно шайн гонан лидер хаьржина вевзаш волу кинокхоллархо Ибрагимбеков Рустам.

Кхеташоно дΙакхайкхийна, шайн гонера стаг президентан дарже кхачахь, цо шина шарахь бен бийр бац болх, кечам бийр бу тешам боллу Ιедал вовшахтухуш а, махкахь хила безачу конституцин хиийцамашна кечамбеш а, аьлла.

Азербайджанан Ιедалан партино шен цΙарх кандидат къастийна 2003-чу шарахь дуьйна шега дегара кхаьчначу даржехь президент Ιен Алиев ИльхΙам.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG