ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мисарахь карчам хила а сахьт дац



Мисарарчу полицин куьйгалхоша дΙахьедина, шаьш луьра дуьхьало йийр ю махкахь къепе талхочарна, аьлла. Цуьнан бахьана ду цхьаццаболчу эскаршкарчу инарлаша президентна Мурси Мохьммадна дарж охьадилла я оппозицица барт карабе, аьлла, делла 48 сахьт чекхдаьлла хилар.

Мисаран хаамийн гΙирсашка хаам кхаьчна, нагахь санна махкахь хьал телхачу далахь, эскарш Ιедалехь карчам а беш, иза шен караэца гΙорта тарло, цул тΙаьхьа керла президента харжийтархьама, аьлла. Кхаарийдийнахь Ιедалан тΙеман баьчча цхьаьнакхетта оппозицин лидерца ал-Барадеи Мухьаммадца а, динан дайшца а.

Шинарийн сарахь 23 стаг велла КΙахΙирехь гуламхошний, полициний юкъахь иккхинчу тасадаларехь. Верриг а тΙаьххьарчу деношкахь кхелхинарг ву 39 стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG