ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

40 стаг вийна КъахIирехь хиллачу тасадаларшкахь


Мел лаххара а 40 стаг вийна КъахIирехь республикан гвардин гIишлонна хьалха хиллачу тасадаларшкахь. 300 сов стаг лазийна ву. Цунах лаьцна хаам бина Мисаран могашаллин министралло.

Мисаран армин буьйранчалло дIахьедар дина цу гIишлонна хьалха дуьхьалонан акци дIахьош болчу Мурси Мохьаммадан агIончашна герзаш диттинарш «герзаца хилла террорхой» бу аьлла.

Армин векалша дийцарехь, цу наха тIелатар дина Республикан гвардин тIеман базина. Цхьаболчу хаамашца, цигахь латтош ву даржах вохийна Мисаран президент Мурси Мохьаммад. Эскаран векалшча дийцарехь, тIелетар юхатухуш вийна цхьа эскархо.

«Бусулба вежарий» боламо бехке бина мехкан тIеман ницкъаш Мурсин агIончаш байарна.

Мурси Мохьаммад даржера вохийра эскархоша даханчу Кхаарин дийнахь. Цхьана ханна мехкан куьйгалхо хIоттийна конституцин суьдан гIантда Мансур Адли.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG