ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Эстемирова Наташа дагалоьцурш а бевлира



Эстемирова Наталья йийна 4 шо кхачар цхьалхачу пикеташца билгалдаьккхина Петарбухахь «Машаран а, гΙелонна а дуьхьало яран ЦΙа» олучу юкъаралло оршоьтан сарахь.

Нохчийн бакъоларъярхочун сурт а карахь, иза ер Ιедало теллина а дацар нахана дагадоуьйтуш лаьттира Неван майданахь оцу юкъараллан куьйгалхо Виленская Елена а, цуьнан иттех накъост а. Цара нахана дΙасадийкъира Эстемировах лаьцна «Яблоко» партино яздина протестан кехаташ.

Шуьйрра гулам дΙабаьхьира Эстемирова Наташа дагалоцуш Парижехь а. Оьрсийчоьнан а, Нохчийчоьнан а Ιедалш бакъоларъярхо йийнарш лаха лууш дацар емал а дира масийтта бΙе францхочо, цаьрца бара нохчийн мухΙажирш а, кхиболу тΙебаьхкина нах а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG