ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ιедало юху а нах байъина Кавказехь



Еарий Ιуьйранна Баксан-къоштарчу Исламей-юьртахь леррина барамаш дΙахьош 4 стаг вийна ГΙебарта-Балкхаройчуьрчу Ιедалан ницкъаша. Исламей-юьртахь дуьххьара хуьлуш дац ишттаниг – оцу юьртахь алссам баьржина салафийан кхетамца беха нах, Ιедалан хьостанаша чΙагΙдарехь.

Оццу хьелашкахь ши стаг вийна эскарша Дагестанерчу гΙазгΙумкийн Кума-юьртахь а. Хьалхо, дахначу кΙиранах, гΙазгΙумкийн ярташна гергахь вийра ялх милцо а, ши гΙаттамхо а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG