ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лецна нах гΙевттина Черкесскерчу набахтехь




Лецна нах кхел хиллалц чохь кхобучу Черкесскерчу набахтехь еарийдийнахь гΙаттаме бевлла тутмакхаш. Иза бакъ ца до хьакамаша, амма адвокаташа тоьшалла до гΙаттаман, хаам бо интернетерчу «Кавказан Узел»-портало. Адвокаташа дийцарехь, чуьрчу социалан хьелашна а, хьакамийн низамца йогΙуш йоцчу шогаллина а реза бац набахтехь бохку нах.
«Хьакамаша тутмакхашка ницкъаша, шайна адвокаташ хьашт бац бохуш, кехаташ яздойту», - чΙагΙдо сайта тΙехь бозуш боцчу юристех цхьамма. Шена гира набахтин учошкахь лазийначийн цΙий, хезара тутмакхаша резадацар хазош леррина бетта маьхьарий, боху оцу адвоката. Цо дуьйцург бакъдеш ду Черкесскерчу хенан набахтехь Ιачу нехан гергарчара даладе тоьшаллаш а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG