Кавказан массех меттехь туристаш бара кху деношкахь кхерама кΙел бахана.
Краснодар-махка, Азов-хΙорда чохь чΙерий леца веъна ши стаг велла, бердаца лаьттачу хинкеман тΙехь уьш а болуш, хиндоза ларден Ιедалан кема тΙекхетарца. Лазийна ву цхьа чΙерийлецархо.
Ши де дара Петарбухара шайн лаьмнашка веана 6 турист Кхарачой-Чергазийчуьрчу орцан дакъоша лоьху. Архыз-ломахь шоьтан дийнахь дийна схьакарийна уьш.