ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Адамаш дайар соцуш дац Мисарахь


Кху тIаьхьарчу шина дийнахь КъахIирехь хиллачу тасдаларшкахь вийна 6 стаг. Мисарерчу Ал-Ахрам олучу газето бинчу хаамца, Шинарийн Iуьйринна КъахIирарчу университетана хьалха вийна ши стаг. Вуьйсуш байина Оршотан дийнахь.

Мисарахь бахархошна юкъахь тасадаларш хилар алсамдаьлла Мурсин доьзалхоша шаьш арми суьде яла дагахь ду аьлла дIахьедар динчул тIаьхьа. Царна хетарехь, армин буьйранчаша лачкъийна даржах вохийна волу президент. Ша Мурси Мохьаммад мичахь ву хууш дац кху беттан 3-чу дийнахь дуьйна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG